Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шу Лаьттан туьха ду. Нагахь санна туьхан чам дІабаьлча, иза муха дурдийр ду? Иза, нахе когашца хьеша а хьешийтина, дІакхоссан бен, цхьанна а хІуманна пайденна дац. Шу дуьненан серло ю. Ламанан буьххьехь лаьтташ йолу гІала къайлаяккха йиш яц. Иштта латийна йолчу стогарна тІехула кхаба ца хІоттайо – иза лаккхахь дІахІоттабо, цуьнга чохь мел волчунна а серло ялийта. Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гІуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а». Шуна муха хета? Шен бІе уьстагІ берг, царна юкъара цхьа уьстагІ дІакъаьстича, бисина болу безткъе ткъайоьсна уьстагІ шаьш болчохь лам чохь а битина, и дІакъаьстина уьстагІ лаха гІур вац? Ас баккъалла а боху шуьга: шена дІакъаьстина цхьа уьстагІ схьакарийча, лам чохь бисинчу безткъе ткъайоьсна уьстагІал оцу цхьана уьстагІах цуьнан самукъадер ду. Иштта шун стигалахь волчу Дена а ца лаьа цу лахара болчарах цхьа а дІакъастийта». Іийсас иштта масална цхьа дустар далийра царна: «Хьовсал комарийн дитте а, массо кхечу дитташка а. Царна тІе гІаш девлча, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. Иштта ду кхузахь а, и хІуманаш хила доьлча, хаа ду шуна Делан Олалла гергга дуйла.
Выбор основного перевода