Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІаэца сан хьехамаш детин метта, хаарш харжа цІеначу дешин метта, хІунда аьлча хьекъалалла жовхІарел а гІолехь ду шуна, лууш долу цхьа а хІума цуьнца дусталур дац шуна. Майранаш, шайн зударий безалаш, динан ерриге а тоба Дала леррина Къобалвинчунна езаре терра. Цуьнан дуьхьа Шен са а дІаделла Цо. Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цІан а йина, иза язъярхьама а, динан ерриге а тоба цхьа а томмагІа, я цхьа а сакхт доцуш, я кхин тайпана долу хІума а доцуш, амма цІена а, бехказа а йолуш, Шена хьалха сийлаллехь дІахІотторхьама. Делахь а суна пайденна ду аьлла хеттарг Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа эрна хилла лору аса. Цул сов, кхидолу массо а хІума эрна хета суна, хІунда аьлча дерригенал а деза ду сан Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса вовзар. Цуьнан дуьхьа со массо а хІуманах ваьлла. Кхидолу массо а хІума кхелли хета суна, Дала леррина Къобалвинчуьнца уьйр йолуш со хилийтархьама а, ГІалин шийтта ков шийтта жовхІар дара. ХІора ков цхьацца жовхІарх дина дара. ГІалин коьртачу урамера некъ цІеначу деших бинера. Урамаш чекх са гуш долчу ангалих тера дара.
Выбор основного перевода