Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Дуьненан хьал ма гулде. Иза, нецано а талхош, мекхано хІаллак а деш, лаьттар ду, я къуша, чу а бевлла, лачкъийна дІахьур ду. Стигалахь гулде шайна хьал. Цигахь иза нецано талхор а дац, мекхано хІаллак а дийр дац, я къуша, чу а бевлла, дІа а хьур дац. Хьан хьал долчохь хьан дог а хир ду. Стеган бІаьрг цуьнан дегІан серлонан хьоста ду. Цундела хьан ши бІаьрг цІена белахь, хьан дерриге а дегІ серлонах дуьзна хир ду. Амма хьан бІаьргаш цІена бацахь, хьан дерриг дегІ а бодане ду! Цу боданал бен хьох серло яцахь, ма инзаре боккха хила беза-кх и бода! Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хІусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу». «Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегІан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегІ духарал дезах ду. Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хІумма дІа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша? Я шуьга цу тайпана сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана дахдалийталур ду теша? Бедар бахьана долуш са хІунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тІедолуш долчу петІамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу. Амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. Иштта эрна арахь тІедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цІергахь догур доллушехь, шу кхин а чІогІа кечдийр ма ду, Делах кІезиг тешаш дерш. Цундела кест-кестта: „Оха хІун юур ю теша?“, я: „ХІун мер ю теша?“, я: „ХІун тІеюхур ю теша?“ – бохуш, шайн са ма гатде. Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду. Кханенна сагатдеш ойла ма е – цуьнан шен Да ву. ХІора де а шен гІайгІа яхьаш догІу». Шен мурдашка Іийсас элира: «Баккъалла а боху шуна Аса: хала ду хьалдолчунна, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила. ТІаккха Цо цхьа хьекъале хІума дийцира царна: «Цхьана хьал долчу стеган шортта ялта кхиъна хилла. „Ас хІун дан деза? – ойла йина цо. – Сан хІара ялта чудилла меттиг ма яц“. Юха цо аьлла: „Ас дера деза, сайн шира ялта чудуьллу сайранаш дІа а даьхна, даккхий керланаш дан. Царна чу дерриг ялта а, кхийолу хІума а хоьур ю. ТІаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даІа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“. Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла. Дела волчохь хазна а ца гулъеш, шена хьал вовшахтухучунна хІоранна а изза хир ду». ХІокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТІаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хІун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а. Ткъа мичахь ву кху заманара хьекъал дерг, Іилманча, хьекъале къийсамаш бийриг? Ткъа кху дуьненахь бехачийн хьекъалаллах ца йина Дала сонталла? Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бІарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама. Вайн къинош бахьана долуш Ша дІавелла Цо, вайн Да волчу Делан лаамца кху зуламечу заманах вай кІелхьардахархьама. Цхьана хенахь, и къинош тІехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тІедевлла а, хІаваан ницкъийн элана тІаьхьахІиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хІинца а муьтІахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо. Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речІано лоцу уьш. Оцу хІуманаша уьш дакъаза а боху, хІаллак а бо. Массо а тайпана вочу хІуманан орам – ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тІаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дІабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара. Кху заманчохь хьалдолчарна кура ца хилар тІедилла. Тешаме доцучу церан хьоле сатуьйсучул, Деле сатийса дезарх кхетабе уьш. ХІунда аьлча Дала дерриге а шортта ло вайна, вай, хаза а хеташ, дахийтархьама.
Выбор основного перевода