Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Ваха а гІой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша“. Оцу нехан дегнаш чІагІде, лергаш къорде, бІаьргаш дІакъовла, церан бІаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тІе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара». «Дала церан бІаьргаш бІаьрзе бинера, церан дегнаш а шога динера, церан бІаьргашна са ца гайта а, церан дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а, уьш шайна гІо дайтархьама Шена тІе ца бахийта а. – Ас уьш то а бийр бара!» „Цу халкъана тІе а гІой, ала цаьрга: Шайн лергашца ладугІур ду аш, амма кхетар дац шу, шайн бІаьргашца хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. ХІунда аьлча дегнаш чІагІделла цу адамийн, лергашца халла хеза царна, бІаьргаш а къевлина ду церан. Цундела бІаьргашца ца гуш, лергашца ца хезаш, дегнашца ца кхеташ бу уьш. Суна тІебирзича, Ас дарба дийр дара царна“». «Адаман кІант! Хьо аьрхачу нахана юкъахь вехаш ву. Церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го, церан лергаш а ду, амма царна хІума а ца хеза, хІунда аьлча уьш аьрха нах бу. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина, таханлерчу дийне схьакхаччалц хІумма а ца го бІаьргаш а, хІумма а ца хеза лергаш а церан хилийтархьама».
Выбор основного перевода