Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг, цу сохьта цІе летта йогучу пеша кхуссур ву». Дала Шен Олалле кхача лиънарш Іаьржачу бодане арабаьхна хир бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду». уьш алуца йогуш йолчу пеша чу кхисса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду. ТІаккха паччахьо шен ялхошка омра дира: „Иза, схьа а лаций, ког-куьг дІа а дехкий, Іаьржачу боданечу метте чукхосса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“. ХІусамдас и ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, шалхо лелочу нехан дакъа цунна дІа а кхочуьйтуш. Ткъа цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду». Чукхосса и шех пайда схьабер боцуш волу ялхо Іаьржачу бодане. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“». Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду. Шуна гур бу Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь болчарна юкъахь ИбрахІим а, Исхьакх а, Якъуб а, берриш пайхамарш а, ткъа шу цигара лохкур ду. Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гІуллакхашца цо Іехийнера экханан мухІар шайна тІедиллийтинарш а, экханан суьртана Іибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цІе яьлла богучу а Іома чу тесира.
Выбор основного перевода