Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза шун еза меттиг хир ю. Амма Исраилан шина пачхьалкхана Цунах нах тасаболуьйтун болу тІулг а, уьш охьаоьгун болу тарх а хир ю, ткъа Ярушалайман бахархошна Цунах речІа а, гур а хир бу. Царах дукхахберш таса а белла, охьа а эгар бу, хІаллак а хир бу, речІанна юкъа а нисбелла, схьа а лоьцур бу». Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. Ткъа Іийсас цаьрга элира: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шен цІахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш». Ткъа хІунда ца дало цаьрга иза? Далла хьалха шаьш бакъдар тешарехула а ца лоьхуш, ткъа шаьш деш долчу гІуллакхашкахула лоьхура цара. «Адамаш тасалур болчу тІулгах» тасабелира уьш, Кхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тІулг бу иза, уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза». Делан Дашна муьтІахь ца хиларна тийсало – иштта кхоллам бу церан.
Выбор основного перевода