Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогІа. «Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. ТІаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхІ-ворхІ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хІумма а дацахь а. Ткъа гІала а, Делан цІа а вогІур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТІаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тІаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тІекхаччалц тІом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш. Шу Далла тІедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тІаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цІарца а дахчор ду. Яхьъяс, Цунах лаьцна тоьшалла а деш, кхайкхадо: «ХІара ву ас шуна вийцинарг: „Сол тІаьхьа ВогІург, сол лакхара а хилла, дІахІоьттина, хІунда аьлча Иза сол хьалха а волуш вара“». Иза сол тІаьхьа вогІуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ долуш вац». Юха ПахІала элира: «Яхьъяс хих чекхдахар, стаг, дохко а ваьлла, Далла тІевирзина аьлла, дара. Цо кхойкхура шена ТІаьхьавогІучух тешаре, ма-дарра аьлча, Іийсах тешаре». ХІунда аьлча: «Йиснарг кІезиг хан бен ма яц, тІаккха и ван везаш верг вогІур ма ву – иза хьелур вац. Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхІ тобане яздо: Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогІун волчу Делера а, иштта Цуьнан Іаршана хьалха лаьтташ долчу ворхІ синера а, «Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогІун волу а Нуьцкъалниг».
Выбор основного перевода