Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Везачу Эло хІаллакйира цигахь йолу гІаланаш а, ерриг тогІи а, дерриг ораматаш а, цу гІаланашкахь Іийна дерриг адамаш а. ЛутІагІар бевдда боьлхучу хенахь юхахьаьжначу цуьнан зудчух туьхан тІулг хилира. Цу дийнахь Іуьйрре гІаьттина, Везачу Элана ша хьалха хІуттучу метте вахара ИбрахІим. Лаха, тогІи чу, хьаьжначу ИбрахІимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кІур гира. Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Іинан бухе кхаьчна. qac Аqac*ьшнаш а еш, Хьалдолчу Эло ма кхолий Цийонан йоІ Шен оьгІазаллица! Исраилан халкъан сийлалла стигалара Цо лаьтта тІе охьатеси. Ша оьгІазваханчу цу дийнахь Шен когийн кІело Цунна дага ма ца еа. Назарт-гІала а йитина, Иза Къапарнам-гІалахь ваха хиира. И гІала Галилай-Іомана йистехь Іохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тІехь хилла. Іийса Къапарнаме кхаьчча, Цунна тІевеара римхойн тІемалойн хьаькам. Цо гІо дийхира Іийсага: ХІаллакьян кхел а йина, чим бина дІаяьхна Цо Седам а, Іамор а цІераш йолу гІаланаш, Іесачу нахана хиндолчун масал гойтуш. Дагахь латтаде иштта, и маликаш санна, телхина яра Седам а, Іамор а, царна гонахара гІаланаш а. Маьттаза хІуманаш лелийна йолу а, боьха гІуллакхаш лело лууш йолу а уьш гуттаренна а йогуш йолчу цІеран таІзаран кхелана йитина ю кхечарна масална.
Выбор основного перевода