Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шуна тІе Эли-ЯхІу-пайхамар воуьйтур ву, сийлахь а, къемате а долу Везачу Элан де тІекхачале. ТІаккха Іийсан мурдаша хаьттира: «Хьалха Эли-ЯхІу-пайхамар ван веза хІунда олу те Іелам наха?» Іийсас жоп делира: «ХІаъ, Эли-ЯхІус, ван а веана, массо а хІуманна тІехь низам хІоттор ду. Амма Аса боху шуьга, Эли-ЯхІу цкъа веанера шуна. Нахана иза ца вевзинера. Ткъа цара цуьнца шайна луъург лелийнера. Цо санна, Адамийн КІанта а хьоьгур бу бала и нах бахьана долуш». ТІаккха царна хиира Цо вуьйцуш верг нах хих чекхбоху Яхьъя вуйла. Цара хаьттира Іийсага: «Хьалха Эли-ЯхІу-пайхамар ван веза хІунда олу те Іелам наха?» Іийсас жоп делира царна: «ХІаъ, хьалха билггала Эли-ЯхІу-пайхамар ван веза, массо а хІуманна тІехь низам хІотторхьама. Ткъа Адамийн КІантах лаьцна яздина хІунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла? Амма Ас боху шуьга, Эли-ЯхІу-пайхамар цкъа веанера, цунна а шайна луъург дира, цунах лаьцна яздина ма-хиллара». Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхІу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тІе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хІиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хІотторхьама». Цуьнга юха а хаьттира: «Ткъа хьо мила ву? Эли-ЯхІу-пайхамар вуй хьо?» «И вац со». «Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?» «Вац», – аьлла, жоп делира Яхьъяс.
Выбор основного перевода