Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча, хьалхалера Іедале а доьгІна, парушхоша а, массо а кхечу жуьгташа а, церан Іедалехь ма-бохху, куьйгаш цІандиний бен хІума ца йоу. Ткъа шаьш базарара еана хІума а шатайпана цІанйиний бен ца йоу. Кхин долу а дуккха а Іадаташ леладора цара, масала, кедаш а, гІумгІанаш а, йоьза кхабанаш а, мотт-гІайбеш а цІанъяр тІехь. Цундела парушхоша а, Іелам наха а хаьттира Іийсага: «Хьан мурдаша, вайн дайша лелийна Іадаташ хІунда ца лору, куьйгаш цІан а дина, хІунда ца йоу цара хІума?» – аьлла. Іийсас элира цаьрга: «Нийса хилла ЕшаІ-ЯхІу-пайхамар, ша Делера болу хаам беш. Шух, шалхо лелочарех, яздина ма-хиллара: „ХІокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Церан ларамах пайда бац, хІунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“. Аша, адамийн Іадаташ схьа а лаьцна, Дала тІедехкинарш ца лору». Кхин а Іийсас элира цаьрга: «Шуна хьекъале ду моьтту, Дала тІедехкинарш а ца лоруш, шайн Іадаташна тІаьхьахІоттар. Іийсас жоп делира: «Шун а ду къа, Іелам нах! ХІунда аьлча дІа ца бахьлун мохь нахана тІе буьллу аш, ткъа шаьш пІелга тІе пІелг а ца туху гІодархьама. ХІунда аьлча Деле безам хилар – Делан весеташ кхочушдар ду. Ткъа Делан весеташ кхочушдан тІех хала а дац,
Выбор основного перевода