Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара бу Цора-гІаланах болу хаам. Белха, Таршаш-махкара богІу кемалелорхой, Цора-гІала йохийна йолу дела. Цуьнан цІенош а, хІордкеманаш тІедогІийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара. ГІайгІане хила, хІордан йистера бахархой! ХІорда тІехула лелаш болчу ЦІадан-гІалара совдегарша шу хьаладузура. Шихьор-хин уллора кІа а, Нил-хин уллора ялта а дукхачу хишна тІехула цу гІали чу дахьара, са яккхархьама. Цу гІаланах къаьмнашна йохкаэцаран базар хилира. Эхь хета, ЦІадан-гІала, хІунда аьлча хІордо – хІордан чІагІоно – боху: «Бер деш лазарш а ца хилла сан, я бер а ца дина ас, кІентий а, йоІарий а ца кхиийна ас». Мисархошка хабар дІакхаьчча, Цора-гІаланах дерг а хезна, холчу хІуьттур бу уьш. Таршаш-махка дІакхалха! ХІордан йистехь бехаш берш, белха! Ширачу заманахь дуьйна лаьтташ йолу, хІетахь йоккхаеш йолу шун гІала хІара юй? Генарчу мехкашкахь Іархьама, цу гІалара нах хьалха лелаш хилла. Шен совдегарш элий хиллачу, таьжнаш дІасадоькъуш хиллачу, мах лелош берш дуьненахь а бевзаш хиллачу Цора-гІалина хьанна дагадеана иза? Шу-м хІун яра Суна, Цора а, ЦІадан а гІаланаш, пІелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тІе а дерзор ду. Сан дети а, Сан деши а аша дІадаьхьна. Сан уггар а тоьллачех йолу еза хІуманаш а шайн деланийн цІенош чу яьхьна. ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархой грекахошна дІабухкура аша, церан дозанашкара уьш генна бахархьама. Хьажал, аша дІабоьхкинчу меттера Аса хьалагІиттор бу уьш, Сан халкъана динарг шун кортошна тІе а дерзор ду. Шун кІентий а, йоІарий а яхІудхошна дІабухкуьйтур бу Ас. Ткъа цара уьш шебахошна, геннара долчу халкъана дІабухкур бу», – иштта аьлла Везачу Эло. Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гІалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дІабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт. Цора-гІалин пенашна тІе а хьажор ю Ас цІе, цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш». Цуьнан бІаьрг иштта бу Дамасакх-гІалина уллохь болчу Хьамат-махкана тІехь а, хьекъалалла сов долуш йолчу Цора а, ЦІадан а гІаланашна тІехь а. Цора-гІалин бахархоша шайн гІалина гобаьккхина чІагІонаш йина. Цара дети гулдина, чан санна, арара хатт санна, деши а гулдина. Делахь а Везачу Эло и гІала миска йина дІахІоттор ю, цуьнан ницкъ хІорда чохь хІаллакбийр бу, ткъа и ша цІарца хІаллакйина хир ю. Шена паччахьан сацамах лаьцна дерг хиъча, Мардахайс шена тІера бедарш этІийра. Цо, вон тІедеача юхуш йолу бедарш шена тІе а юьйхина, коьрта тІе чимаш тесира. ЧІогІа воьлхуш гІала аравелира иза. Нунавара паччахье а кхечира гІаланах лаьцна беш болу хаам. ТІаккха и паччахь, шен гІанта тІера хьала а гІаьттина, шен паччахьан духар дІа а даьккхина, кхин, вон тІедеача юхуш йолу, бедарш тІе а юьйхина, чим тІе охьахиира. ТІаккха цо Нунав-гІалахь омра дира: «Паччахьан а, цуьнан гонахара куьйгалхойн а сацам иштта бу: адамаша а, хьайбанаша а, стерчаша а, уьстагІаша а хІумма а ма яа, цхьа а беже ма гІо, цхьаммо а хи ма мала», – аьлла. «Массо адамаша вон тІедеача юхуш йолу бедарш тІеюха. Даьхнина тІе хІуманаш таса. Массара а шийлачу маьхьаршца Деле а кхайкха. ХІораммо Далла тІеверзархьама, шен зуламе некъ а бита, шайн куьйгашца кхечарна гІело а ма е», – аьлла.
Выбор основного перевода