Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта боху Везачу Эло: «Некъаш вовшахкхетачу меттехь дІа а хІоттий, хьажа, муьлха бу шира а, беркате а болу некъ. Цу некъа тІе шу довлахь, шайна синтем а, машар а карор бу шуна». Амма цара элира: «Тхо гІур дац!» Аса масал гайтира шуна. ХІинца Ас шайна диннарг шуьга вовшашна а дайтархьама. Шайн дегнаш чохь Дала леррина къобалвина Іийса санна хилалаш. Делан вастехь Ша велахь а, Цунна ца хетара, Ша Делах тера хиларх Ша пайда эца беза аьлла. Мелхо а, Шен возалла дІа а тесна, лен васт тІе а эцна, адамах тар а велла, тІехьаьжна а адам хилла Иза. Іожаллина тІекхаччалц Далла муьтІахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖІара тІехь Ша валлалц, муьтІахь висира Иза. Шу оцу балхана кхайкхина ма ду. Дала леррина Къобалвинарг а, шун дуьхьа баланаш а лайна, Шена тІаьххье шу дахкийта масала а гайтина ма ву. шен Делаца уьйр ю бохург Іийса ма-леллара лела веза.
Выбор основного перевода