Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора кІадвеллачу стеган Аса хьогалла йойур ю, ткъа хІора гІелвелларг Аса кхачанах вузор ву». И сурт шайна гича, Кхуьнан мурдаша, чІогІа цец а бевлла, хаьттира: «И комаран дитт муха дакъадели сел сиха?» Цара чІогІа хала парзаш хІиттадо. Уьш кхочушдан чІогІа хала ду. И парзаш нахана тІе а дехкина, уьш цаьрга дІакхехьийта гІерта. Ткъа шаьш пІелг меттахбаьккхина а хІума дан лууш бац. Оцу Іомана тІедоьлхучу некъаш тІехь Іохкуш Іаламат дукха цомгуш болу нах хуьлура. Царна юкъахь бара бІаьрзенаш, астагІнаш, заьІапнаш. Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Со дахаран бепиг ду шуна. ХІунда аьлча Суна тІевогІург цкъа а мацлур вац, Сох тешаш верг цкъа а хьаглур вац. Амма Ас аьлла шуьга: Со шуна гушшехь, шу Сох ца теша. Сан Дас Суна луш мел дерг Суна схьакхочур ду, ткъа Сайна тІевогІург Ас дІаэккхор вац. Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тІаьххьарчу дийнахь Іийсас, дІа а хІоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тІе а дуьйлий, мала шайна. Ткъа хІинца хІунда зоь Дела, вайн дайшка а, вайга а бахьа ца белла мохь мурдийн яьІнаш тІе а биллина?
Выбор основного перевода