Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ас Малик дохуьйту хьуна хьалхадаьккхина новкъахь хьо Іалашвайта а, Ас хьуна кечйинчу метте хьо дІавига а. Кхойкхучун аз хезаш ду: «Яьссачу аренгахь Везачу Элана некъ кечбе! Эрначу аренгахь нисде тхан Далла некъан тача! «Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро шен заманахь яздинера: «Хьажал! Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту Ас. Цо Хьуна некъ кечбийр бу. Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду, хІунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву, Цунна некъ кечбеш, Шу шаьш а теш дар-кх ас шуьга аьллачунна: „Со Дала леррина Къобалвинарг вац. Со Цунна хьалхара некъ кечбан ваийтина Дала“.
Выбор основного перевода