Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Готтачу неІарехула чекхдовла хьовса, хІунда аьлча, Ас боху шуьга чубаха гІиртинчех, дукхахберш чекхбовлалур бац. Товрат-хьехамаш а, пайхамарша яздинарг а Яхьъя-пайхамар гучуваллалц лелла, ткъа цу хенахь дуьйна Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ а кхайкхош бу. Массо а чІогІа Делан Олалла тІелаьцначарна юкъахь хила лууш а ву. Ткъа нах, схьа а баьхкина, Шех паччахь вархьама Ша схьалаца бохкий а хиъна, Іийса юха а Ша цхьаъ лам тІе дІавахара. Цул сов, массо а пайхамаро, Шамъал-пайхамарна тІера дуьйна, хІара денош догІур ду аьлла ду. Нагахь кху тептар тІехь дІаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хІума тІера дІадаккхахь, Дала кху тептар тІехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гІалина чохь а дакъалацар дІадоккхур ду цуьнан».
Выбор основного перевода