Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И де тІекхачале дикка хьалха ХІарод-паччахьо Яхьъя, схьа а лаьцна, буржалш а тоьхна, набахти чу кхоьссина хилла. Цо иза шен вешин Пилапан зуда ХІародад бахьана долуш дина хилла. ХІарода, шена йигна йолу, шен вешин Пилапан зуда ХІародад бахьана долуш, омра динера, Яхьъя, схьа а лаций, набахти чу волла аьлла. Іийсас а, Цуьнан мурдаша а дечух лаьцна хабар мехкан куьйгалхочунна ХІародна а хезира. Иза собарх воьхнера, хІунда аьлча цхьаболчара бохура веллачуьра Яхьъя денвелла, вукхара – Эли-ЯхІу-пайхамар веана, кхозлагІчара – ширачу заманахьлера пайхамарех цхьаъ денвелла. ХІарода ша-шега хоьттура: «Яхьъян ас корта баьккхина. Ткъа и стаг мила ву теша, шех лаьцна и хІуманаш наха дуьйцуш волу?» Иза Іийса ган гІертара. хІунда аьлча цу хенахь Яхьъя хІинца а набахти чу воллаза вара.
Выбор основного перевода