Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла! Ма сийлахь ю Хьан цІе дерриге а лаьтта тІехь! Стигалшкахь дІахІоьттина ду Хьан сий! Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула. ГІап дІахІоттийра Ахьа, Хьайн мостагІий бахьана долуш. Хьуна дуьхьалбевлларш а, бекхам бийраш а дІасовцорхьама дира Ахьа иза. Динан вежарий, дагаяийтийша Дала шу Шена тІекхайкхина хан. Адамийн хьесапехь дукха бацара шуна юкъахь хьекъалалла долуш берш. Дукха бацара шуна юкъахь нуьцкъалнаш а, дукха бацара хьалдолчийн тайпанех берш а. Амма Дала кху дуьненахь сонта хеташ долу хІуманаш къастийна хьекъалалла долчийн сий дайа, ткъа кху дуьненахь эгІаза хеташ долу хІуманаш къастийна ницкъболчеран сий дайа. Кху дуьненахь кІезиг хета хІуманаш а, сийсаза хета хІуманаш а къастийна Дала. Дуьненна уьш хІумма а доцу хІума хетташехь, Дала уьш къастийна, цаьргахула дуьненна ладам болу хІуманаш хІумма а доцург хилийтархьама. Цундела Далла хьалха цхьаьнгге а дозалла ца дало.
Выбор основного перевода