Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайна и сурт гича, парушхоша Цуьнан мурдашка хаьттира: «Шун Устаз ял схьагулъеш болчаьрций, къинош летийначаьрций хІума юуш хІунда Іа?» Яхьъян мурдаша, Іийсана тІе а баьхкина, хаьттира: «Охий, парушхоший кест-кестта марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!» Ткъа Іийсас элира: «Зуда ялош волчун накъостий гІайгІане хуьлий, иза шайна юкъахь мел ву? Амма тІедогІур ду зуда ялош верг кхарна юккъера дІавуьгун волу цхьа де. ТІаккха хир бу уьш гІайгІане, марха кхаба а болалур бу. Іийсага ладогІа дуккха а адамаш: ял гулъешберш а, къинош летийнарш а тІеоьхура. Парушхой а, Іелам нах а резабоцуш, гІовгІа еш бара: «ХІокху стага къинош летийна адамаш тІе а оьцу, цаьрца хІума а йоу», – бохуш. И дерриг гина, резабоцучара вовшашлахь шабарш дора: «Къинош летийначу стеган хІусаме хьошалгІа веа-кх Иза».
Выбор основного перевода