Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
БІаьрхишца латта дІадийначо самукъадаларца ялта хьокхур ду. Везачу Эло иштта боху: «Бакъдерг лар а де, нийсо а лелае, хІунда аьлча Сан кІелхьардахар гергакхаьчна, Сан нийсо кестта гучуйоккхур ю. Цийонехь гІайгІа ечарна хазахетар тилла – чиман метта, царна таж лур ду, белхаран метта, самукъадалар лур ду, эшначу синан метта – хастаман духар. Царах эр ду нийсонан нежнаш, Шен исбаьхьалла дІагайтархьама, Везачу Эло доьгІна долу. Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Сан ялхоша юур ю, ткъа шу меца Іийр ду, Сан ялхоша мер ду, ткъа шу хьогах хир ду, ХІинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац. Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац.
Выбор основного перевода