Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. Векалша юхабирзича, Іийсана гонах а хевшина, шаьш лелийначу гІуллакхех а, шаьш нахана хьехначух а лаьцна дийцира Цуьнга. Іийсас жоп делира царна: «Ас хаьржина вацара шу шийтта? Амма шуна юкъара цхьаъ иблис ду». Аша Со ца хаьржина, амма Ас, харжа а хаьржина, дІахІиттийна шу. Ас шу къобалдина, шу дахханчохь, шуьга лаьттан стоьмаш кхиадайта. ТІаккха аш Сан цІарах хІуъа а Сан Дега деххнарг Цо шуна лур ду. Дала леррина къобалвинчу Іийсан векалера Кипера Дала къастийначаьрга, аренца лелаш, хийрачу мехкашкахула: Понтехула, Галатехула, Каппадокехула, Асиа-махкахула, Битхьуни-махкахула дІасабекъабеллачаьрга.
Выбор основного перевода