Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а хенахь ша-шега цо олура: «Цкъа мукъана а Цуьнан бедарх со дІахьакхаелча, со толур яра». Дукхахболчу баьхкинчарна дарба дира Цо, цундела массо а цомгушнаш Іийсана юххе гІертара, Цунах куьг Іотта гІерташ. Іийсах лаьцна шена хезча, цо, адамашна юккъехула тІехьашха Цунна тІе а яхана, Іийсан бедарх куьг Іоьттира. Цкъа Іийса нахана хьоьхуш волчу хенахь, И волчу цІа чохь динан куьйгалхой бара. Царах цхьаберш парушхой бара, вуьш Іелам нах бара. Уьш Галилай-мехкан а, ЯхІуд-мехкан а мел йолчу гІаланашкара а, Ярушалаймера а баьхкинера. Нахана дарбанаш лелорхьама, Іийсаца Везачу Элан ницкъ бара. ТІехьашхула тІе а еана, Іийсан бедарх кхозучу чечакхах куьг Іоьттира цо, оцу сохьта цуьнан дІаоьху цІий сецира.
Выбор основного перевода