17
Іийса Шен векалшца, лам тІера чувуссуш, нийсачу меттехь сецира. Цигахь Кхуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бара ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а, хІордан йистерачу Цора а, ЦІадан а цІе йолчу гІаланашкара.
Дукха адам дара Цунна тІаьхьа лелаш Галилайра а, Иттшахьар-махкара а, Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а, Йордан-хил дехьа Іаш долу адамаш а.
Хих чекхбахийта баьхкинчу нахе Яхьъяс бохура: «Шу лаьхьанан кІорнел а чІогІа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тІедогІучу къематан дийнах кІелхьардовла деза аьлла, хаам?