Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мила ву, Сан ялхо санна, бІаьрзе, Ас вахийтина, Сан геланча санна, къора? Мила ву бІаьрзе, Ас барт бинарг санна верг? Везачу Элан ялхо санна, бІаьрзе верг мила ву? Уьш машарца дІабахийта. БІаьрзе нах бу уьш. Царна тІаьхьахІоьттинарш а бу бІаьрзе. Хьалха ваьлларг а, тІаьхьахІоьттинарг а, ший а бІаьрзе хилча, и шиъ ор чу вужур ву». Къа ду шун, шаьш бІаьрзе а долуш, юьхьлаьцнарш. Аша олу: „Делан цІийнах дуй биъча, хІумма а дац, амма Делан цІа чохь долчу деших дуй биъча, иза кхочушбан беза“. БІаьрзе юьхьлаьцнарш! Шаьш молуш долчу хи чуьра чуьрк дІайоккху аша, амма эмкал дІакхоллу.
Выбор основного перевода