Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«КІанта ден сий до, иштта лено а шен олахочун сий до. Нагахь санна Со шун да велахь, мичахь ду Суна догІу сийдар? Нагахь санна Со шун олахо велахь, мичахь бу Суна богІу ларам? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ва динан дай, шу Сан цІе емалйийраш ма ду! Аша боху: „Оха муха емалйо Хьан цІе?“ Дуккха а болчара эр ду Соьга цу дийнахь: „Ва Веза Эла! Хьан цІарах ца бора оха Делера болу хаам? Хьан цІарах дІа ца лелхадора оха жинаш? Хьан цІарах ца бора оха дуккха а тамашийна белхаш?“ Цундела муьлхха а хьарам хІума а, вон мел лелар а дІадаккха. Далла муьтІахь а хуьлуш, шайга кховдийна а, шаьш кІелхьардаха тарлуш долу а Делан дош тІеэца. ХІунда аьлча товрат-хьехамашка ладегІарх нах Далла хьалха бакъ ца бо, ткъа и хьехамаш кхочушбийраш Цунна хьалха бакъбийр бу.
Выбор основного перевода