Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь хьайн мостагІчун тилабелла сту я вир хьайна караяхь, шен дена тІе дІадига деза уьш. Хьайн мостагІа меца велахь, цунна бепиг ло, иза хьогах велахь – хи ло: Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагІий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тІаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хІунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца. Мелхо а Делан Йозанашкахь иштта яздина ду: «Хьан мостагІа меца велахь, иза вузаве. Хьогах иза велахь – хи ло цунна. Иштта дерг дарца цуьнан коьрта тІе догуш долу кІегий гулдо ахьа».
Выбор основного перевода