Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан даше ладогІа, Цуьнан дашах бегош берш: «Сан цІе бахьана долуш, шу ца дезачу а, дІалоьхкучу а шун вежарша боху: „Везачу Эло Шен сийлалла гойтийла, тІаккха тхо хьовсур ду шун самукъадаларе“. Амма уьш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. «Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тІаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь. Иштта жоп делира цуьнан дас-нанас, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна. ХІунда аьлча куьйгалхоша барт бинера, нагахь хьаъа а Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла ларахь, иза гуламан цІийнах дІакъасто. Шу кху дуьненара делахьара, цу дуьненна шу, шайнаш санна, дезар дара. Амма шу кху дуьненан долахь дац. Ас шу дуьненна юккъера схьахаьржина долу дела, ца деза шу дуьненна. Гуламан цІенойх дІакъастор ду шу. Цул сов, тІекхочуш ю и зама, муьлххачунна а, шух цхьаъ ша вийча, ша Далла гІуллакх до моьттуш. Дала леррина Къобалвинчо Шен дегІана бина ницкъ лайна дела, аша а цунах тера долчу леларна кечам бан беза. ХІунда аьлча дегІана хуьлу ницкъ лайнарг, къинойх дІа а къаьстина,
Выбор основного перевода