Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хиндерг гуш болчаьрга цара боху: „Суьрташ кхин ма хІиттийта шайна хьалха!“, ткъа пайхамаршка боху: „Делера долу бакъдерг ма дийца, тхуна тамехь дерг дийца, самукъане хаамаш бе. Нагахь санна цхьана даьсса къамелаш дечо, аьшпаш а кхоьллина: „Ас чагІарх а, нихах а лаьцна хаамаш бийр бу“, – аьлча, цунах хІокху халкъана тамехь волу пайхамар хир ву. Кху дуьненна шу ца деза бахьана дац. Ткъа Со ца веза адамашна, Ас церан гІуллакхаш зуламе ду аьлла, тоьшалла до дела. Шу кху дуьненара делахьара, цу дуьненна шу, шайнаш санна, дезар дара. Амма шу кху дуьненан долахь дац. Ас шу дуьненна юккъера схьахаьржина долу дела, ца деза шу дуьненна. Тешам боцурш! ХІара дуьне дезар Делаца мостагІалла хилар дуйла ца хаьа шуна? Дуьненах шена доттагІа хила лууш верг Делан мостагІа хуьлу.
Выбор основного перевода