Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш Къапарнаме дІабуьйлабелира. Шоьтан де тІе ма деъана, Іийсас гуламан цІа чу а вахана, адамашна хьехамаш бира. Церан гуламан цІеношкахь нахана хьеха волавелира Иза. Массара а хеставора Иза. И дерриг гина, гуламан цІийнан хьаькамо, Далла леринчу шоьтан дийнахь Іийсас дарба дарна реза воцуш, чубаьхкинчу нахе элира: «Ялх де ду болх бан дезаш. Оцу деношкахь дуьйла шайна дарба дайта, Далла леринчу шоьтан дийнахь а ца догІуш», – аьлла. ТІаккха Іийсас хаьттира Іеламчу нахе а, парушхошка а: «Далла леринчу шоьтан дийнахь дарба дан бакъо ю я яц?» ТІаккха парушхойх цхьаболчара элира: «Делера вац и Стаг, Цо Далла лерина шоьтан де ца лору дела». Вукхара олура: «Шена тІехь къинош долчу стага муха гойтур ю иштта тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш?» Парушхошна юкъахь къовсамаш бевлира. Іийсас жоп делира цуьнга: «Аса, хьул ца деш, дерриг дІадийцира дуьнене. Гуттара а гуламан цІеношкахь я Делан цІа чохь, вайн массо нах гуллучохь, хьехамаш бора Аса. Аса къайлаха хІумма а ца дуьйцура.
Выбор основного перевода