Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьІаьржачу хІиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чІогІа алсам а йоккхуш. Амма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира! Ахь беллачу товрат-хьехамаш тІера уьш дІабирзира. Хьан пайхамарша уьш чІогІа боьхура, Хьуна тІе юхаберза бохуш, амма цара и пайхамарш байира. Тхан дайша Хьуна дуьхьал Іеса къамелаш дора, Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Ткъа Соьга ларамах дуьзна долчу шуна тІехула нийсо тІейоуьйту малх гІоттур бу, цуьнан зІаьнаршкахь дарба хир ду. Шу, божала чуьра арахецна долу эсий санна, кхиссалур ду. Аша олу: „Тхо тхешан ворхІе а да Іийначу хенахь даьхнехьара, оха тхайн дайшца пайхамарийн цІий Іанор дацара“. Къа ду шун, хІунда аьлча шайн дайша байинчу пайхамаршна зиярташ деш ду шу. Векалш кхеташонера арабевлира, Іийсан дуьхьа шаьш сийсазбан хьакъ хиларна баккхий а беш. Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду. Со воккхавеш ву айса шун дуьхьа хІинца баланаш хьегарх. Аса сайн дегІа чохь кхочушдо Дала леррина Къобалвинчунна тІаьхьахІиттинчара Цуьнан дегІан дуьхьа хьега дезаш диснарг. Цуьнан дегІ – Іийсах тешачу массеран а тоба ю.
Выбор основного перевода