Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсас и аьлча, юххехьа лаьттачу гІаролхочо, Іийсан юьхь тІе тІара а тоьхна, элира Цуьнга: «Иштта жоп лур дара Ахьа динан коьртачу дега?» ПахІала элира цуьнга: «Дала таІзар дийр ду хьуна, шалхонча. Нийсонца кхел ян хиъна хьо воллушехь, хІетте а харцонца суна етта боху-кх ахь». Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гІерталаш. Шуна шайна юкъахь къийсамаш хилар а кІорга эшар ду шуна. Нагахь шайна цхьа харцо йинехь а, Іад хІунда ца Іа шу? Шайна цхьа эшам хиллехь а, Іад хІунда ца Іа шу? Нагахь санна шун Везачу Дала шуна схьалуш долчу лаьтта тІерачу цхьана гІалахь шун къомах болчарах цхьаъ къен хилахь, варелаш, шайн дегнаш чІагІ а ма делаш, шайн куьйгаш а ма дехкалаш къечунна гІо дан. ПаргІат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гІуллакхашна тІехь а, шун куьйгаша мел дечунна тІехь а шу декъалдийр ду. Де дийне мел долу, цу сутаралло са доу цуьнан, ткъа хьаналчу стага шен долахь дерг, кхоа а ца деш, дІало.
Выбор основного перевода