Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
иштта церан цІийнан нах болу Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш волу бархІ бІе ткъе ши стаг а; Ярохьаман кІант Іади-ЯхІу а (Ярохьам Амцин кІант волчу Палал-ЯхІун кІант хилла, Амци Закри-ЯхІун кІант хилла, Закри-ЯхІу Пашихьуран кІант хилла, Пашихьур Малки-ЯхІун кІант хилла); Микин кІант Матан-ЯхІу (Мика Завадин кІант хилла, ткъа Завади Асайпан кІант хилла). Баркаллин доІа дечу нахана тІехь хьалхара верг хилла Матан-ЯхІу; Бакхбукъ-ЯхІу (иза илланчийн шолгІачу тобанна тІехь хьаькам хилла); ШамуІан кІант Іабда (ШамуІ Ядутунан кІентан Галалин кІант хилла); ХІара цІераш левихойн куьйгаллехь хиллачийн ю: Хьашби-ЯхІу, Шараб-ЯхІу, ЮшаІ, Бинуй, Кхадмиал. Церан гергарнаш царна дуьххьал дІахІуьттуш хилла, Далла хастамаш а беш, баркалла а олуш. Цхьа тоба вукху тобане йист хуьлуш хилла. И хІума Делан стаг волчу Дауда дІахІоттийна хилла.
Выбор основного перевода