Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Сари-ЯхІу а, Іазар-ЯхІу а, Ярми-ЯхІу а, Пашихьур а, Амар-ЯхІу а, Малки-ЯхІу а, Хьатуш а, Шабни-ЯхІу а, Малук а, Хьарми а, Мармути а, Іабди-ЯхІу а, Даниал а, ГІинтуни а, Барух а, Машулим а, Аби-ЯхІу а, Мияман а, МаІаз-ЯхІу а, Билгай а, ШамІа-ЯхІу а. Уьш динан дай бара. ЯхІу-Якхаман заманахь динан дайн доьзалан баьччанаш хІорш хилла: Сари-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Мари-ЯхІу хилла. Ярми-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Хьанан-ЯхІу хилла. Іезаран доьзалехь лакхарниг Машулим хилла. Амар-ЯхІун доьзалехь лакхарниг ЯхІу-Хьана хилла. Малухин доьзалехь лакхарниг ЯхІуната хилла. Шихан-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Юсуп хилла. Хьармин доьзалехь лакхарниг Іаднан хилла. Мармутин доьзалехь лакхарниг Хьелкхи хилла. Іидун доьзалехь лакхарниг Закри-ЯхІу хилла. ГІинтунин доьзалехь лакхарниг Машулим хилла. Аби-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Зикра хилла. МуІад-ЯхІун а, Мин-Яманан доьзалшкахь лакхарниг Пилти хилла. Билгин доьзалехь лакхарниг ШамуІ хилла. ШамІа-ЯхІун доьзалехь лакхарниг ЯхІуната хилла. ЯхІу-Ярбин доьзалехь лакхарниг Матинай хилла. Яди-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Іузи хилла. Салин доьзалехь лакхарниг Къали хилла. Іамукъин доьзалехь лакхарниг Іебар хилла. Хьалкхи-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Хьашби-ЯхІу хилла. ЯдаІ-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Натунаил хилла. ХІорш бу цу мехкан массо а маьІІера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дІабигна хилла, ткъа хІинца Ярушалайме а, ЯхІуд-махка а хІора стаг шен-шен гІала юхавирзина. Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаІ, Нахьми-ЯхІу, Сари-ЯхІу, РаІал-ЯхІу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигІвай, Рахьим, БаІна. ХІорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цІераш: Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцІдукъан кІанта ЮшаІа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кІанта Зурбабела а Исраилан Далла сагІа доккху кхерч бира, цунна тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тІехь тІе-ма-диллара бина дІахІоттийра. Зурбабелан а, Нахьми-ЯхІун а заманахь массо а исраилхоша илланчашна а, кевнехь болчу гІаролхошна а хІора денна лерина долу рицкъа схьадахьара Делан цІийнан керта. Халкъо левихошна дІалора царна догІуш долу дакъа, ткъа цунах АхІаронан тІаьхьенна догІуш долу дакъа левихоша оцу тІаьхьене дІакхачадора.
Выбор основного перевода