Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дикка хан яьллачул тІаьхьа, Парси-махкахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь, Бавел-гІалара Ярушалайме веара Хьалкхи-ЯхІун кІант волчу Іазар-ЯхІун кІентан Сари-ЯхІун кІант волу Іезар. Хьалкхи-ЯхІу Шалуман кІант хилла, Шалум ЦІадукъин кІант хилла, ЦІадукъа Ахьтубин кІант хилла, Ахьтуби Амар-ЯхІун кІант хилла, Амар-ЯхІу Іазар-ЯхІун кІант хилла, Іазар-ЯхІу Маръютин кІант хилла, Маръюти Зарахь-ЯхІун кІант хилла, Зарахь-ЯхІу Іузин кІант хилла, Іузи Букхайн кІант хилла, Букхай АбишуІан кІант хилла, АбишуІ Пайнехьасан кІант хилла, Пайнехьас ЭлиІазаран кІант хилла, ткъа ЭлиІазар динан коьрта да волчу АхІаронан кІант хилла. Іезар Бавел-гІалара новкъа велира. Исраилан халкъан Везачу Дала Муса-пайхамарехула белла товрат-хьехамаш дика хууш волу Іелам стаг хилла иза. Паччахь волчу Артахь-Шаштас Іезарна цо мел дехна долу массо а хІума делла хилла, хІунда аьлча Веза Эла Іезарца хилла. Динан да а, Іелам стаг а волуш, Исраилан халкъана Везачу Эло тІедехкинарш а, Цуьнан парзаш а дикка хууш волчу Іезаре паччахьо кехат яздина хилла. ХІара бу цу кехатан чулацам: ТІаккха шена уллохь зуда-паччахь а йолуш Іаш волчу паччахьо соьга хаьттира: «Некъана дукха хан оьший хьуна? Хьо юха маца вогІур ву?» Аса сайна мел хан оьшу дІааьлча, паччахь реза хилира со цига вахийта. Кхин цхьа хІума а ду: со ЯхІуд-махкахь хьаькам лаьттинчу массо а хенахь я аса а, я сан гергарчара а лакхарчу хьаькамна латтош болу кхача ца биира. Со ЯхІуд-махкахь шийтта шарахь хьаькам лаьттина, Артахь-Шаштан паччахьаллехь хиллачу ткъолгІачу шарна тІера ткъе шуьйтталгІачу шарна тІе кхаччалц. Цул тІаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхІус а, динан да а, Іелам стаг а волчу Іезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дІакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хІунда аьлча товрат-хьехамашка ладугІучу хенахь адам доьлхуш дара.
Выбор основного перевода