Левихойх цигахь бехаш хІорш бара: ШамІа-ЯхІу (иза вара Хьашубин кІант, Хьашуби вара Іазрикхаман кІант, Іазрикхам вара Хьашби-ЯхІун кІант, ткъа Хьашби-ЯхІу мерарихойн тІаьхьенах вара),
Бакъ-Бакъари, Хьараш, Галали, Матан-ЯхІу (иза вара Микин кІант, Мика вара Зикрин кІант, Зикра вара Асайпан кІант),
Іабди-ЯхІу (иза ШамІа-ЯхІун кІант вара, ШамІа-ЯхІу вара Галалин кІант, Галали вара Ядутунан кІант), иштта Элкханан кІентан Асин кІант Берех-ЯхІу а вара. Иза натІупатхойн ярташкахь вехаш хилла.