Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Царна уллохь болх беш вара дашо пхьар волу ХьарихІа-ЯхІун кІант Іузиал. Ткъа цунна уллохь болх беш вара хаза хьожа йогІу хьакхарш а, духІиш а кечдеш волу говзанча Хьанан-ЯхІу. Шуьйра пен болчу кхаччалц гІалин пенаш хьаладира цара. Хьармин кІанта Малки-ЯхІус а, Пахьат-Муабин кІанта Хьашубис а пенан важа долу дакъа тодира. Цу наха иштта Пешийн бІов а тойира. ТІаккха аса яхІудхойн куьйгалхой пенна тІе хьала а баьхна, уьш цигахь дІахІиттийра. Илланчийн йоккха ши тоба а схьакъастийра аса, цаьрга Далла хастамаш беш йолу назманаш алийта. Царах цхьа тоба пенна тІехула аьтту агІонгахула Кхеллин ков долчу дІаяха езаш яра.
Выбор основного перевода