Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Бакъ-Бакъари, Хьараш, Галали, Матан-ЯхІу (иза вара Микин кІант, Мика вара Зикрин кІант, Зикра вара Асайпан кІант), Іабади-Эдомна – къилбехьарчу кевнехь, ткъа цуьнан кІенташна чІоьнан цІеношна ха дан кхаж белира. Шен дас Дауда тІе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дІахІиттийнера шен-шен рогІехь гІуллакх дан. Иштта левихой а дІахІиттийнера цо, хастамаш барна тІехь куьйгалла дан а, хІора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гІо дан а. ХІора кевнехь дІахІиттийна гІаролхой хилла, шен-шен рожехь гІарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда. Микин кІант Матан-ЯхІу (Мика Завадин кІант хилла, ткъа Завади Асайпан кІант хилла). Баркаллин доІа дечу нахана тІехь хьалхара верг хилла Матан-ЯхІу; Бакхбукъ-ЯхІу (иза илланчийн шолгІачу тобанна тІехь хьаькам хилла); ШамуІан кІант Іабда (ШамуІ Ядутунан кІентан Галалин кІант хилла); ХІорш Ярушалаймехь баха хевшина болчу кевнашкарчу гІаролхойн цІераш ю: Іакхуби а, ТІулман а, иштта цхьа бІе кхузткъе шийтта церан цІийнах волу стаг а. Уьш гІалин кевнаш лардеш бара.
Выбор основного перевода