Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гІевттина, УьстагІийн ков юхаметтахІоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неІарш дІахІиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дІахІоттийра Меа цІе йолчу бІаьвнна тІера Хьананиал цІе йолчу бІаьвнна тІе кхаччалц. Цул тІаьхьа цу гІалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира. ХІасинаан кІенташа ЧІерийн ков юхаметтахІоттийра. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, кевнан неІарш кІажаш тІе а ехкина, царна догІанаш а, гІораш а дехкира цара. Ишана цІе йолу ков тодеш Писухьан кІант ЯхІу-ЯдаІ а, Басуди-ЯхІун кІант Машулим а вара. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, неІарш кІажаш тІе а ехкина, цу неІаршна догІанаш а, гІораш а туьйхира цара. Цунна тІехьа Узайн кІант Палали пен сеттачу меттигна дуьххьал пен тобеш вара. И меттиг бІаьвнна уллохь яра, паччахьан лакхара цІенош долчохь, цуьнан гІаролхой Іаш болчу уьйтІена генахь йоццуш. Цунна тІаьхьа ПарІушан кІанта Пади-ЯхІус а, Халкъо, ара а даьлла, шега ма-аллара, генаш а деана, царах шайна кхалораш йира. Цара уьш шайн шерачу тхевнаш тІехь а, шайн уьйтІахь а, Делан цІийнан кертахь а, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданахь а, иштта Эпраман кевнна хьалха йолчу майданахь а йира.
Выбор основного перевода