Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ТІехьовсучара эскаре иштта дІахьедан деза: „Керла цІа дІа а хІоттийна, иза Далла къобалдина воцург, шен цІа юхаверза. Иза тІамехь вен тарло, тІаккха цуьнан цІа кхечу стага къобалдийр ду. Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дІахІиттабе аьлла, мукъам балочу гІирсашца – мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негІаршца а – иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама. Цара массара а, шайн дайша куьйгалла а деш, Везачу Элан цІийнан кертахь цІастанан негІаршца а, мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а иллеш аларца Далла гІуллакх дора. Ткъа Асайп а, Ядутун а, ХІайман а паччахьан куьйгаллехь вара. Исраилан халкъо хазахетарца даздира Делан цІа къобалдар. Царна юкъахь бара динан дай а, левихой а, иштта йийсарера юха мел бирзинарш а. Іай Ярушалайм-гІалахь даздеш долу «Карладаккхар» олу деза де тІедеара.
Выбор основного перевода