Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гІевттина, УьстагІийн ков юхаметтахІоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неІарш дІахІиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дІахІоттийра Меа цІе йолчу бІаьвнна тІера Хьананиал цІе йолчу бІаьвнна тІе кхаччалц. Цул тІаьхьа цу гІалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира. Цунна уллохь Забайн кІанта Баруха пенан дакъа тодира. Пенан маьІиг тІера коьрта динан да волчу Элишубан цІенна тІе кхаччалц долу пенан дакъа тодира цо. ХІорш бу йийсарера юхабирзина болу динан дай а, левихой а. Уьш Шалтаалан кІантаца Зурбабелца а, ЮшаІца а цхьаьна юхабирзина хилла. Церан цІераш: Сари-ЯхІу, Ярми-ЯхІу, Іезар, Уьш берриш а гІуллакх деш бара ЮцІдукъан кІентан ЮшаІан кІант ЯхІу-Якхам куьйгаллехь волчу хенахь а, мехкан да Нахьми-ЯхІу а, динан да Іелам стаг Іезар а волчу хенахь а. Амма и хІума хилале тхан Делан цІийнан чІоьнаш карахь йолчу динан дас Элишуба (иза ТІуби-ЯхІун захалойх стаг вара), Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгІачу шеран, йолхалгІачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кІанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІанте ЮшаІана а лерина бара. Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаІ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агІор лаьтташ долу шайтІа а схьагайтира.
Выбор основного перевода