Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цул тІаьхьа со Хьостан кевнна а, иштта Паччахьан Іома тІе а вахара. Амма со цига улло тІевахча, суна гира со сайн вирца цигахула дехьавалалур воцийла. Кала-Хьозин кІанта Шалума Хьостан ков тодира. Шалум МицІпин хьаькам вара. И ков то а дина, цунна тІехь тхов бира цо. Иштта, неІарш кІажаш тІе а ехкина, цу неІаршна догІанаш а, гІораш а дехкира цо. И хІума ша дина ваьллачул тІаьхьа, Шалума паччахьан бешахь болчу Селахь олучу Іомана уллохь болу гІалин пен тобира, Даудан гІалара охьавогІучохь долу тІегІанашна тІе кхаччалц. Іупалахь Іаш а болуш, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхоша а Хин кевнан малхбалехьа долу пенан дакъа тодира, пенна тІера арайолучу бІаьвнна тІе кхаччалц.
Выбор основного перевода