Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Ас шун тайпанашкара уггар а хьекъаленаш, кхетаменаш, зийнарш схьа а эцна, шуна тІехь хьаькамаш хила дІахІиттийра: эзарна а, бІенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тІехь болу хьаькамаш. Важа нах ас, тІехьоьжурш а бина, дІахІиттийра шун тайпанашкахь. Хьузакх-ЯхІус, Везачу Элан цІийнан кертахь кхин а тІаьхьалонна сурсаташ чудохку чоьнаш кечъе аьлла, омра дира. Уьш кечйича, совгІаташ а, уьтталгІа дакъош а, Далла дІакъастийна сагІанаш а леррина царна чу охьадехкира. Оцу хІуманна тІехьожуш хьаькам хІоттийра левихо волу Ханан-ЯхІу. Ткъа Ханан-ЯхІун ваша ШамаІи цунна гІо деш шолгІаниг хІоттийра. Оха иштта тхайн Делан цІийнан чІоьнаш чохь болчу динан дайшна тхайна хиллачу ялтих уггар а хьалха хьакхийна бод а бахьар бу, тхан бешара уггар хьалха схьабаьлла болу стом а, уггар хьалха схьадаьккхина долу чагІар а, зайтдаьтта а дахьар ду. Ялтех долу уьтталгІа дакъа оха дІалур ду болх беш йолчу массо а ярташкахь уьтталгІа дакъа схьагулдеш болчу левихошна. Амма и хІума хилале тхан Делан цІийнан чІоьнаш карахь йолчу динан дас Элишуба (иза ТІуби-ЯхІун захалойх стаг вара), ТІуби-ЯхІуна йоккха цхьа чоь дІаелира. Тохара цу чоьнна чу наха деанера кІен сагІанаш а, хаза хьожа йогІу хІуманаш а, пхьегІаш а, иштта левихошна а, илланчашна а, Делан цІийнан кевнехь болчу гІаролхошна а деана долчу ялтих а, керлачу чагІарх а, зайтдаьттанах а уьтталгІа дакъа а, иштта динан дайшна деана долу совгІаташ а. Цул тІаьхьа массо а исраилхочо шайн ялтех а, керлачу чагІарх а, зайтдаьттанах а долу уьтталгІа дакъа Делан цІийнан чІоьнаш чу схьадеара. Делан цІа чуьра чІоьнаш хІокху нехан кара дІаелира аса: динан да волу Шалам-ЯхІу, Іелам стаг волу ЦІадукъа, левихо волу Пади-ЯхІу. Ткъа Матан-ЯхІун кІентан Закхуран кІант Хьанан церан гІоьнча санна дІахІоттийра аса. Аса уьш хаьржинера, хІунда аьлча уьш тешаме лоруш нах бара. Царна тІедиллина дара наха схьадеанчу хІуманах шайн гергарчарна дакъа дар.
Выбор основного перевода