Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Халкъо ша схьадаьккхинчух Суна схьалуш долу дерриге а уьтталгІа дакъош Аса левихошна дІало, цара гуламан четарца доьзна долу гІуллакх деш хиларна. хІунда аьлча Исраилан халкъо ша схьадаьккхинчух Суна лерина дІалуш долу уьтталгІа дакъа Аса царна кхочуьйтур ду. Цундела царах лаьцна Аса аьлла: „Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац царна“». «Левихошка, дІахьедар а деш, дІаала: „Аса шайна кхачийтина долчу нахера схьадаьккхинчух уьтталгІа дакъа исраилхошкара шаьш схьаэцча, цунах уьтталгІа дакъа аша Везачу Элана совгІат санна дІадала деза. Аша дІалуш долу и совгІат шун ялтих даьккхинарг санна лорур ду – шун хьаьттах долу кІа я шун муттдоккхургах даьккхина чагІар санна. Иштта, исраилхойн массо а уьтталгІачу дакъойх аша а Везачу Элана совгІат дахьар ду. Наха схьадеанчу оцу дакъойх Везачу Элана лерина долу совгІат динан дега АхІароне дІадала деза аша. Исраилан халкъо а, левихоша а шаьш деш долу совгІаташ – кІа а, чагІар а, зайтдаьтта а – цу чІоьнаш чу схьадан деза. Цигахь езачу чоьнна лерина болу гІирс а бу ларбеш, иштта гІуллакх деш болу динан дай а, кевнийн гІаролхой а, илланчаш а бу Іаш. Оха чІагІо йо Делан цІийнан дола дан!» Царах лаьцна паччахьо леррина арадаьккхина тІедиллар хилла, цу тІехь илланчийн декхарш билгалдаьхна а хилла.
Выбор основного перевода