Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цІастанан негІаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гІуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХІайманан а, Ядутунан а тІаьхьенах берш. Шайн-шайн гІуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дІакъастийначу нехан цІераш хІорш ю: Асайпан кІентех бара: Закхур, Юсуп, Натан-ЯхІу, Асар-Эла. Асайпан кІенташа цуьнан куьйгаллехь гІуллакх дора, ткъа Асайпа – паччахьан куьйгаллехь Делера болу хаамаш бора. Дауда а, Делера дерг гуш волчу, паччахьан пайхамар волчу Гадас а, Ната-пайхамаро а тІедиллина ма-хиллара, – ткъа и тІедиллар Везачу Элера долу дела – Хьузакх-ЯхІу-паччахьо Везачу Элан цІийнан кертахь, тайп-тайпана дечиг-пондарш а, цІастанан жима негІарш а карахь долу левихой дІахІиттийра. Хастамаш а беш, баркаллаш а бохуш, цара, кар-кара а оьцуш, Везачу Элана леринчу иллешкахь дІаолура: «Веза Эла ма дика ву, массо а ханна бу Исраилан халкъе болу Цуьнан хедар боцу безам». Дерриг а халкъо хазахетарца мохь беттара, Везачу Элана хастамаш а беш, хІунда аьлча Делан цІийнан бух боьттина баьллера. иштта церан цІийнан нах болу Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш волу бархІ бІе ткъе ши стаг а; Ярохьаман кІант Іади-ЯхІу а (Ярохьам Амцин кІант волчу Палал-ЯхІун кІант хилла, Амци Закри-ЯхІун кІант хилла, Закри-ЯхІу Пашихьуран кІант хилла, Пашихьур Малки-ЯхІун кІант хилла); Микин кІант Матан-ЯхІу (Мика Завадин кІант хилла, ткъа Завади Асайпан кІант хилла). Баркаллин доІа дечу нахана тІехь хьалхара верг хилла Матан-ЯхІу; Бакхбукъ-ЯхІу (иза илланчийн шолгІачу тобанна тІехь хьаькам хилла); ШамуІан кІант Іабда (ШамуІ Ядутунан кІентан Галалин кІант хилла); Цигахь Асайпан гергарнаш а бара: ШамІа-ЯхІу, Іазариал, Милали, Гилали, МаьІи, Натунаил, ЯхІуд, Хьанани. Церан карахь Делан стаг волчу Дауда лоькхучу тайпана гІирсаш бара. Царна массарна а хьалхаваьлла воьдуш Іелам стаг волу Іезар а вара.
Выбор основного перевода