Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цІастанан негІаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гІуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХІайманан а, Ядутунан а тІаьхьенах берш. Шайн-шайн гІуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дІакъастийначу нехан цІераш хІорш ю: Кевнашкахь гІарол дан дІахІиттийнарш хІорш бара: кхорахьахойх – Кхурин кІант Мишлам-ЯхІу. Иза Асайпан тІаьхьенах вара. Шен дас Дауда тІе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дІахІиттийнера шен-шен рогІехь гІуллакх дан. Иштта левихой а дІахІиттийнера цо, хастамаш барна тІехь куьйгалла дан а, хІора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гІо дан а. ХІора кевнехь дІахІиттийна гІаролхой хилла, шен-шен рожехь гІарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда. Хьузакх-ЯхІу-паччахьо а, баьччанаша а левихошка омра дира, Дауда а, Делера дерг гуш хилла волчу Асайп-пайхамаро а яздинчу дешнашца Везачу Элана хастамаш бе аьлла. Халкъо хазахетарца эшарш а лоькхура, уьш суждане а боьлхура, цара Везачу Элана Іибадат а дора.
Выбор основного перевода