Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Иштта, буьйсанна со ТогІин кевнал аравелира. Сайн вир Саьрмикан хьоста долчу дІа а ерзийна, со сихха Кхеллин ков долчу дІавахара. Ас Ярушалайман дохийна долу пенаш а, цІарца дагийна долу цуьнан кевнаш а теллира. ТогІин ков тодеш вара Хьануни цІе йолу стаг а, иштта Занухь-гІалин бахархой а. Ков а дина, цуьнан неІарш кІажаш тІе а ехкина, цу неІаршна догІанаш а, гІораш а дехкира цара. Кхеллин кевнна тІекхаччалц эзар дол барам болччул пенан дакъа а тодира цара. Илланчийн шолгІа тоба, аьрру агІор а йирзина дІаяхара. Уьш пенна тІехула лелачу хенахь, со схьагулделлачу адамийн шолгІачу тобанца царна тІаьхьа воьдуш вара. Пешийн бІаьвнах тІех а девлла, тхо Шуьйрачу пенна тІе кхаччалц дІадахара.
Выбор основного перевода