Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн лаьтта тІехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. Къечарна а, тІебаьхкинчарна а дита уьш. Со шун Веза Дела ву». Шун кха тІехь ялта чудерзош шуна цхьа цІов бицлахь, иза схьаэца юха ма дерзалаш. Иза тІевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а бита, аша мел деш долчу гІуллакхаш тІехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама. Шайн кемсийн бешара стоьмаш схьадохуш, йисина кемсаш схьа ма яха. ТІевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а йита уьш.
Выбор основного перевода