Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора а шайн нене а, дега а болчу ларамах вуьзна хила, Суна лерина шоьтан денош а ларде. Со шун Веза Дела ву. Суна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Іибадат до меттиг а лара: Со Веза Эла ву. Багах долучу дешнашца а, дагара йолучу ойланашца а Далла хьалха хІума олуш сих а ма ло, аьрха а ма вала. ХІунда аьлча Дела стигалахь ву, ткъа хьо лаьттахь ву, цундела хьайн Цуьнца долу къамел доцца хилийта. Іийсас, Делан цІийнан керта а вахана, цигахь йохкаэцар лелош мел верг аралаьллира. Цо ахчанаш хуьйцучеран гІопастанаш а, кхокхий духкучеран гІанташ а харцийра. Цо элира: «Яздина ду: „Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду“. Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина».
Выбор основного перевода