Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь цхьаммо шен лулахочуьнга Іалашдан дато ахча я хІуманаш лахь, амма цуьнан цІа чуьра уьш лачкъаяхь, къу схьакарийча, цуьнга шалха мах охьабиллийта беза. Нагахь къу кара ца вахь, лулахочо, Далла хьалха а веана, шега еллачу хІуманашна ша тІе ца кхевдина аьлла, чІагІо ян еза. Шина стагана юкъахь муьлхха а хІуманах лаьцна – я старах, я вирах, я уьстагІах, я бедарх, я яйначу хІуманах – къовсам белахь, и гІуллакх Далла хьалха дахьа деза. Дала бехке винчо шен довхочунна шалха мах бала беза. Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнга Іалашъян я вир, я сту, я уьстагІ, я кхин долу даьхни лахь, амма и даьхни делча, я лазийча, я цхьанна а ца гуш, лачкъийча, Везачу Элана хьалха даьхни схьаэцначо чІагІо ян еза, шега деллачу даьхнина ша тІе ца кхевдина аьлла. Даьхнин дас иза тІеэца деза, вукхо мах бала а ца беза. Нагахь даьхни схьаэцначух цхьаммо и даьхни лачкъийнехь, цунах богІу мах даьхнин дена дІабала беза и даьхни тІелаьцначо. Нагахь даьхни экхано цистинехь, бухайисина чарх дІагайта еза, тІаккха хІусамдена даьхних мах бала безар бац. Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнгара лело даьхни а далийна, и даьхни, цуьнан да уллохь а воцуш, лазадахь я лахь, цунах мах бала беза. Ткъа нагахь даьхнин да уллохь хиллехь, мах бала ца беза. Даьхни лелориг мах белла хиллехь, иза цунах богІу мах хир бу». ТІевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хІунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тІедаьхкина Іаш. Йисина Іачу зудчунна а, байшна а зе ма де. Нагахь ахь царна зе дахь, Соьга уьш кхайкхича, церан мохь Суна хезар ма бу. ОьгІазваханчу Аса туьраца дойур ду шу, тІаккха шун зударий бисина Іаш хир бу, шун бераш а байлахь дуьсур ду. Нагахь Сан халкъана юкъара къечу стаге духалург айхьа ахча деллехь, духалург ахча луш болу вуьш санна ма хила цуьнца – ял а ма яккха цуьнгара ахчанна тІе. Нагахь закъалтана уллорачуьнгара айхьа бедар эцнехь, малх дІабузале юхало иза цунна, хІунда аьлча и бедар йоцург кхин духар дац цуьнан, дегІ дохдеш долу. ДІа муха вуьжур ву иза, тІетесна хІума а йоцуш? Цо Сайга кхайкхича, Суна хезар ду, хІунда аьлча Со къинхетаме ву. «Цхьаммо, Везачу Элана хьалха цатешаме а хуьлуш, къа лато тарло. Масала, цунах тешна цхьа хІума йитина я цхьана ханна дІаелла хилла, ткъа цунах лаьцна цуьнан уллораниг Іехо тарло цо. Я, масала, цхьа хІума шен уллорачух лачкъийна цо. Я цхьаъ леван тарло цо. Ваца ма велаш къен а, миска а волу йолах лаьцна верг, шайн къомах волу исраилхо я шайн гІаланех цхьанна чохь Іаш волу тІевеанарг иза велахь а. Цунна дІабала беза мах цо болх бинчу дийнахь малх чубузале дІало. Иза къен волу дела, и ахча цунна оьшуш ду вахархьама. Иза де, цуьнга Везачу Эле Іаткъам а байтина, шайх къа ца хьарчийтархьама. «Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тІелаьцначу белхалочунна йогІу ял дІалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гІело ечарна а, тІевеанарг дІатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Шун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дІа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду.
Выбор основного перевода