Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама. ХІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дІакъастаделаш, иштта цІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хІуманашка шаьш бех ма дайта. Декъала ву Далла лерина шоьтан де, иза сийсаз а ца доккхуш, лардеш верг а, шен куьг муьлххачу а вочу балхах лардеш верг а. Декъала ву иштта лелаш волу стаг а, иза кхочушдан схьалаьцна адам а». «Нагахь шоьтан дийнан дуьхьа, хьайна дан тамехь хета гІуллакхаш а ца деш, Сан дезачу дийнахь куьг-ког ахь лардахь, шоьтан дийнах зовкх хьоьгу а, Везачу Элан деза а де ахь алахь, иза лоруш, цу дийнахь гуттара а айхьа деш долу гІуллакхаш а ца деш, хьайна тамехь дерг а ца лоьхуш, эрна хабарш а ца дуьйцуш, хьо хилахь,
Выбор основного перевода