Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іесавана ца вийзира Якъуб, шен метта иза дас декъалвина хиларна. Цо сацам бира: «Сан да кестта лийр ву, тхо доьлхуш а, холчохь а хир ду, ткъа цул тІаьхьа ас сайн ваша Якъуб вуьйр ву». Шаьш ларлолаш! Нагахь хьан вашас къа латадахь, бехк баккха цуьнгара, амма иза дохковалахь, гечде цунна. Ишттаниг лелораш хІаллакьхила хьакъ долуш буйла шайна хуъушехь, шаьш иштта лелла а ца Іаш, цара ишттаниг деш болу кхиберш а бакъбо. Динан вежарий! Нагахь шух цхьаъ ларамаза къино лаьцнехь, аша, Делан Сино лелош долчара, шайн эсалчу амалца нисве иштаниг, амма, хьовсалаш, шаьш къиношка ца зейта. Стом ца лучу боданечу гІуллакхашна юкъа ма гІерталаш, мелхо а, уьш гучудахалаш. Сихлой, цхьанна а тІе доІанца куьйгаш ма дахка. Кхечара леточу къиношкахь дакъа ма лаца. Хьо-хьо цІеналлехь латтаве. Ша серлонгахь лела а бохуш, ткъа шен динан веше цабезам берг хІинца а боданехь лела. Амма шен динан ваша цавезарг боданехь ву. Иза боданехь лела гІерташ ву. Цунна шена а ца хаьа, ша мича воьду, хІунда аьлча цу бодано иза бІарзвина. Шен динан ваша цавезарг адам дуьйш верг санна ву. Ткъа шуна-м хаьа, адам дуьйш долчу цхьана а адаман Делаца долу дахар ца хуьлийла.
Выбор основного перевода